ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша газах декхар тIера даьккхина бохуш баьржина хаам бакъ ца бо Нохчийчуьрчу кхелахочо


Ша 9 миллиард сом декхар дIадайина бохуш, хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци бакъ ца хиларх дIакхайкхаде аьлла, тIедожийна Нохчийчуьрчу суьдхочо Дауркин Игоря. Цо бахарехь, цу хьокъехь сацам тIеэцнарг кхи суьдхо ву. Шен репутаци Iалашъярхьама Москварчу кхелашка пхи иск чуелла Дауркина. Ша вуьйцуш, шена бинчу Iаткъамна дуьхьал 25 миллион сом далар а тIедожийна суьдхочо.

Дауркина ма-боххура, сацамбинарг ву кхелахо Имаев Ахьмад, дуьйцу "Говорит Москва" гIирсо.

Карладоккху, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело бахархоша газах тIехьарчийна 9 миллиард сом декхар дIадойуш бина сацам юхабаьккхира республикан Лакхарчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG