ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тухуговн а, Нурмагомедовн а гIуллакх юхатоллуш ду


Нурмагомедов Хьабиб а, Тухугов Зубайра а
Нурмагомедов Хьабиб а, Тухугов Зубайра а

ТIедогIучу кIиранчохь Невадан Атлетикан комиссино луьстур ду Нурмагомедов Абубакар а, Тухугов Зубайра а латаршна юкъа ца витаран гIуллакх, хаамбо ESPN канало. Нурмагомедов Хьабибан а, МакГрегор Коноран хиллачу UFC 229 турнирехь буй-тIара хиллачул а тIаьхьа 25 эзар доллар гIуда а тухуш, 12 баттана дисквалификаци йинера Невадан Атлетикан комиссино Нурмагомедовна а, Тухуговна а.

Дахначу шеран ГIадужу-баттахь Нурмагомедов Хабиба эшийра Макгрегор Конор Лас-Вегасехь хиллачу UFC-н латарехь. ЙоьалгIачу раундехь цо садукъочу кепехь лецира ирландхо. Латар дIадирзинчул тIаьхьа йоццучу хенахь тасаелира Нурмагомедовн а, Макгрегоран а тобанаш. Летарш дIасабехира сихха юкъалилхинчу хадархоша а, оцу сарахь леташ хиллачу кхечу спортхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG