ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленский Владимиран инаугураци богIуш бу Iамеркара лакхара даржхой


Украинан керла хаьржинчу президентан Зеленский Владимиран инаугураци Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара официалан делегаци йогIур ю, коьртехь энергетикан министр Перри Рик а волуш. Украинан гIуллакхашкахула волчу Iамеркан пачхьалкхан департаментан векало Волкер Курта бина и хаам Твиттерехь. Перри Рик а, Волкер Курт воцург а, Украине вогIуш ву Iамеркан Евробертера векал Сондланд Гордон а, пачхьалкхан къоман кхерамзаллан Кхеташонера Европан гIуллакхашкахула йолчу департаментан директор Видман Александр а, ишта Iамеркан Украинехь дипломатийн миссин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдеш волу Пеннингтон Джозеф а.

"Перри Рик юкъахь волчу делегацица кхана (20-чохь) Киеве юхавогIуш ву со, инаугурацехь Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ йовзийта. Iамеркан а, Украинан а юкъаметтигаш латторна Порошенко Петрона баркалла а олуш, президентца Зеленский Владимирца тIейогIучу хенахь и юкъаметтигаш кхи тIе кхиорехь болх а а беш", - яздина Волкера Твиттерехь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG