ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наьсарара базар дIакъевлина санитаран хьелаш ледара а карийна


Хьалхо ханна болх бечуьра сацийна Наьсарара "Новый" олу базар ерриг а дIакъовла сацамбина ГIалгIайчуьрчу Арбитражан кхело, цигахь оьшу низамаш ца лардарна. ГIалгIайчуьрчу Роспотребнадзоро цхьа могIа кхачамбацарш гучудаьхнера цигахь санитарин хьелаш лардеш цахиларца доьзна. Оцу бахьанашца материалаш Магасан кхеле дIахьажийначул тIаьхьа, кху шеран Зазадоккху-беттан 11-чу дийне кхаччалц дIакъевлинера базар. ШолгIачу дийнахь болх бан йолаеллачу базарахь юха а нисдина ца карийра хьелаш.

ГIалин мэрин информацица, Наьсарахь "Новый" базар схьайиллинера 1999-чу шарахь. Цуьнан территори тIехь 220 йохка-эцаран меттиг ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG