ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иза ю Скандинавера демократи?


Швецино депортаци ян тарло рогIерчу нохчочунна

МухIажир Г. Зоврбек махкахваккха кечлуш ду Швецера Iедал. Цигахь итт шо а сов даьккхинчу нохчочуьнгара хIун даьлла и таIзар тIеэца, кхеташ дац. Ца кхета депортацин бахьанах дуьненаюкъара бакъоларъярхой а – "Мемориал" хьийза Зоврбекна орцахъялла.

Швеци иза а, цуьнца цхьаьна кхин массех стаг а махкара араваккха кечлучу юкъанна, Европерчу мухIажирийн хьокъехь сацам тIеэцна ЕвроБертан Кхело. Шена кхераме хиларна дIатесначу махка стаг юхахьажо мегаш дац, нагахь санна иза тIеэцначу пачхьалкхо цунна тховкIело елла елахь, боху сацамо.

ТховкIело дIаяккхаро я иза цаяларо ца веза мухIажир Женеверчу конвенцино цунна Iалашвала лучу бакъонах ваккха, аьлла ду Люксембургерчу кхело арахецна документ.

Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхоша тоьшалла дарехь, 2005-чу шеран бIаьста, буса, Заурбекан хIусамна чулилхина иттаннашкахь тIеман барзакъ дуьйхина герзахой.

"Гарехь, уьш Iедалан цхьана хьукматера хилла. Зоврбек (вина шо -1981) вижина Iачу чоьнна чу а лилхина, герзаш диттина цара: цуьнан белш лазийна ца Iаш, човйина 1,5 шо бен доцчу цуьнан йоIанна Маккина. Йиттина доьзалан нанна, гIайбанца садукъдан гIиртина 2,5 шо долчу йоьIан Раянин", - тоьшалла до "Мемориало".

Iедале Зоврбек махках цаваккхар доьхуш, гулам хIоттор хьийхира Швецерчу нохчашна бакъоларъяран "Вайфонд" юкъаралло. Шоьтадийнахь хилира Стокголмехь гулам.

"Кавказ.Реалиин" йолчу информацица, Швецерчу низамхоша Зоврбек бехкево шайн махкахь дуккха а болчу Iаьрбийн бусалба Iеламчашца гергарло лелорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG