ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхой хилла нохчий Москох хадам боллуш кIелхьарбевлла таIзарх


Москох кхело ца хуьйцуш битина хьалхо Москох Замоскворецкан кIоштан кхело Нохчийчийчуьра Ахмаев СаIидан а, Болатбаев Лечин а, ГIалгIайчуьрчу вежарийн БулгучевгIеран Ахьмадан а, Мовладин а, Москохарчу бизнесхочун Катков Евгенийн а бехктакхаман гIуллакхехула бина сацам. Цунах лаьцна яздо "Новая газето".

Уьш бехке беш бара нуьцкъала ахча даккха гIортарна. Таллмхойн версица, бизнесхочуьнгара Жуков Константинера 100 миллион гергга сом ахча даьккхина хилла цара, кхерамаш а тийсина.

И зулам дарна прокуратуро хIоранна 7 шо хан тохар дехнехь а, суьдхочо Чепрасова Натальяс хийцира царна бехкбуьллуш ялийна артикл, цара динарг шайна луъург лелор (ч.I ст. 330 УК) ду аьлла. И зулам дарна бехкебечарна гIуда туьйхира кхело 50 эзар сом хIоранна а. Амма и ахча такхарх а кIелхаьрбевлира и нах.

Ахмаев СаIид а, Болатбаев Лечи а Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман хадархой бара зуламаш дечу заманчохь. Болатбаев цуьнан шофер хилла а ву.

2000-гIа шо доладелча 2008-чу шаре кхаччалц Москох Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь болх бина ву Ахмаев СаьIид. Болчу хаамашца, 2006-чу шарахь "Горец" батальонан хьалханча Байсаров Мовлади лоцуш операцехь дакъалаьцна ву иза. Байсаров вийра Москох Ленинан цIарахчу проспектехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG