ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн меттан орфографин дошам кхолларан болх болийна Нохчийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийн мотт ларбаран а, иза кхиоран экспертийн кхеташонан декъашхоша Соьлж-ГIалахь йийцаре йина нохчийн меттан орфографин дошам кхолларан план, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цара тIечIагIбина нохчийн меттан орфографин цхьаболчу барамашна кодификаци ярехула а, орфографин дошам арахецарехула а йолчу лерринчу тобанан декъашхой.

Соьлж-ГIаларчу кхеташонехь дакъалецира нохчийн меттан говзанчаша а, яздархоша а, журналисташа а, нохчийн меттан хьехархоша а, Iедалхоша а, Нохчийчоьнан Iилманан академин векалша а.

Нохчийн мотт ларбар а, иза кхиийтар а Iалашонца экспертийн кхеташо кхоьллинера маситта шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Говзанчаш дийцарехь, нохчийн мотт кхиоран коьрта хало ю йоза деш лело еза билгалбаьхна барамаш а, бакъонаш а цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG