ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино Оьрсийчоьне дIавелла стаг вуьйш дакъалацарна лоьхуш хилла нохчи


Инцидент хиллера Керлачу Уренгойхь 2010-чу шеран ГIадужу-баттахь. Некъахьовзамехь зе хиллачу Мухаметов Рим цIе йолчу стагана тIехIоьттина хилла 4 нохчий. Цара шайна тIеэцна хилла бехкечуьнгара 750 эзар сом даккхар, машен д1оггара баш йохийна а йоццушехь. Эххаре а дар-дацар а хилла цу наха вийна машен йохийначу стеган гергара стаг Утагонов Башир. Иза ларамаза цигахь нисвелла хиллера нохчий ахча схьадаккха баьхкинчу хенахь.

Цу девнехь дакъалаьцначу 5 стагах оццу дийнахь лаьцнера машенан долахо Мухаметов а, Нохчийчуьра схьаваьла Чергисханов а, Ибрагимов а. Царна хенаш туьйхира кхело 2012-чу шарахь, Мухаметовна 2 шо ах шо, Чергисхановна 18 шо, Ибрагимовна 17 шо луьрачу хьелашкахь набахтехь даккха. Цул сов зуламхоша токхур ду 5 миллион 230 эзар сом гIуда.

Кхин а 2 нохчо къайлаваьллера. 2018-чу шарахь цу шиннах цхьаъ Францин полицина карийра шайн махкахь. Иза хIинца дIавелла Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошка. Карарчу хенахь лаьцнарг латтош ву Салехардерчу талламан изоляторехь. Кестта кхел йир йолуш ю цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG