ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалан векалшна ницкъбарна 25 стаг жоьпе озийна ГIалгIайчохь 


Магас. Архивера сурт.
Магас. Архивера сурт.

Магасехь дуьхьалонан акцеш дIахьош Iедалан белхахошна ницкъ барца доьзначу гIуллакхехула ГIалгIайчохь жоьпе озийна ву 25 стаг. Царах 23 лаьцна ву, хаам бо "Мемориало".

Болчу хаамца, лецначех 21 стаг латтош ву Нальчикехь талламан изоляторехь, кхин а 2 ву талламан изляторна чувоьллина Къиласеда ХIирийчохь, ткъа кхин а 2 ву цIахь лаьцна латтош. Оцу 25 стагах 5 бехке веш ву Iедалан векалшна ницкъ барна.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцарехь, верриг а жоьпе озийнарг ву республикера 218 вахархо. Царах 32-нна бехке дуьллуш ду криминалан зуламаш дар.

Евкуровс бинчу хаамца, кхин а 8 стаг лоьхуш ву ницкъаллин структурийн белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG