ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн юьртана Ахмат-Юрт цIе тиллар дехна гуламехь Хоси-Юьртарчу бахархоша


Хоси-Юртах Кадыров Разанан ден Ахьмад-Хьаьжин ларам беш Ахмат-Юрт хилийта лаам гойтуш бахархойн гулам хилла цу эвлахь. Цунах лаьцна шен Телеграм каналехь хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Гулбеллачара дехна республикерчу парламенте а, министрийн кабинете а шайн лаам низамца чIагIбар.

Кадыровс дийцарехь, гуламан декъашхоша сацам тIеэцна, "дуьхьал цхьа а стаг а воцуш".

Шинарин дийнахь КадыровгIара беха Хоси-Юьртах Ахмат-Юрт ян еза аьлла дIахьедар динарг вара парламентан спикер Даудов Мохьмад. Цо шен лаамах лаьцна яздинера Инстаграмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG