ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIизойчоьнан хилла вице-премьер лаьцна Батукаевн гIуллакхехула


Атаханов Шамил.
Атаханов Шамил.

Криминалан гонашкахь дош лелаш ву бохуш вуьйцу Батукаев Iаьзиз харцонца набахтера аравалийтарца доьзначу гIуллакхехула кхин а цхьа стаг лаьцна ГIиргIизойчохь. Иза ву цу мехкан премьер-министран когаметта хилла Атаханов Шамил. Цунах лаьцна хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайто.

2013-чу шарахь Оханан-баттахь Нарынан гIалан кхело хенал хьалха маьршаваьккхира нохчийн тутмакх, цунна ваха дукха хан ца йисина аьлла. Кхелера араваларца, "Манас" аэропорте а вахана, долахь долчу кеман тIехь йитира цо ГIиргIизойчоь.

Амма дукха хан ялале, лоьраша делла кехаташ харц хилла аьлла, ГIиргIизойчоьнан коьртачу прокуратуро Оьрсичоьне дIавийхира Батукаев. Делахь а иза дан аьтто ца хилиара. Цу хенахь (2014-чу шарахь Товбеца-баттахь) 53 шо долу "криминалан инарла" хан токхуш вара Нохчийчохь, бакъо йоцуш герз лелорна (маьршаваьлла 2017-чу шарахь).

Кху шара юхаталла долийначу Батукаев маьршаваккхарца доьзначу бехктакхаман гIуллакхехула жоьпе ийзийна, лебеш бу харц диагноз хIотторна онколог Макимбетов Эмил, лаборант Цопова Ирина, махкара массийтта хьаькам а, шайна юкъахь депутаташ а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG