ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхо хила мега аьлла ши стаг вийна Владимиран кIоштахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Владимиран кIоштарчу Кольчугино гIалахь полисхоша ши стаг вийна, теракт кечйеш хилла аьлла шеко хиларна. Цунах лаьцна хаам бо Къоман антитерроран комитето (НАК). Дийцарехь, ФСБ-н белхахошка цхьаммо хаам бина хилла цу гIаларчу цхьана долахь долчу цIа чохь теракт ян кечлуш герзаца нах бу аьлла.

"Кхаарин сарахь и ши стаг чохь волу хIусам гоне лаьцнера лерринчу полицин тобано, ткъа и шиъ караван реза ца хилча вийна", - яздо Къоман антитерроран комитето.

Байинарш муьлш бу къастийна шаьш боху Iедалан векалша. Цара чIагIдарехь, цIарца вуьйцуш воцу и ши стаг цIе ца яьккхинчу терроран тобан декъашхо хилла, махкал арахьарчу шайн верасашца зIе а латтош, цара тIедилларца, дуккха а нах гулбеллачу меттигехь теракт ян кечлуш волу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG