ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу 11 эзар вахархочун дихкина Оьрсийчуьра аравалар


ТIехьарчийна тайп-тайпана декхарш хиларна 11 эзар сов вахархо ву Нохчийчохь карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, цхьацца гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дихкина царна доза хадор.

Оьрсийчоьнан Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар.

Нагахь алименташ дIа ца елла, я цхьаьннан могашаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар. Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG