ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь "Газпромана" декхарелахь ю 16 гергга миллиард сом


"Газпроман" Соьлж-ГIалара офис.
"Газпроман" Соьлж-ГIалара офис.

Къилбаседа Кавказерчу регионийн газах дIадаланза долу декхар 2018-чу шарахь тIекхетта 10 процентана, хаам бина кхаарин дийнахь "Газпромо", яздо ТАСС агенталло. Цу компанино дийцарехь, дерриг а декхаран барам бу карарчу хенахь 93,9 миллиард сом.

"Газпромо" чIагIдарехь, цунах доккхаха долу дакъа - 68,6 миллиард сом такха декхарелахь бу Къилбаседа Кавказера бахархой, ткъа йовхо латточу компанеша газах шайна тIехьарчийнарг ду 15,8 миллиард сом.

Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъахь хьалхарчу 3 меттехь ю Дагестан (46,1 млрд сом), Нохчийчоь (15,9 млрд сом), ГIебартойн-Балкхаройчоь (13,6 млрд сом).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG