ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Депортацин инициатор Сталин ма вацара!"


Нохчийн политик Умалатова Сажи
Нохчийн политик Умалатова Сажи

Нохчийн зудчун-коммунистан Умалатова Сажин дахарх кино яккха тарлора – депортацехь дуьненчу яьлла, Соьлжа-ГIаларчу "Красный молот" заводехь сварщикан болх бина ю иза, депутат лаьттина, Горбачев Михаиле дарж охьадиллийта гIерташ, дера къамелаш дина а ю, иза хийцинчу Ельцин Борисна критика а латтийна цо, Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Советехьа гIо даьхна а ю.

Тахана а жигара политикан дахарехь ю Умалатова – "Партия мира и единства" цIе йолчу партин куьйгалхочун статусехь йолчу цо дакъалоцу Путин Владимирехьа хIитточу митингашкахь, "керста дин бехдечийн меттанаш хедор" хьоьху цо.

Советан заманахь уггар а къегина хиллачу зудчуьнца -политикца къамел хилира "Кавказ.Реалиин" корреспондентан.

Путинах а, сийлахь-йоккхачу Оьрсийчоьнах а

– Сажи Зайндиновна, 90-чу шерашкахь Горбачевца къийсамехь яра хьо, ткъа хIинца х1ун къуьйсу ахь?

- Сан уггар а йоккха Iалашо – сийлахь-йоккха, екъа йиш йоцу, йозуш йоцу Оьрсийчоь ю.

– Ахь нахана юкъахь дечу дIахьедаршка ладоьг1ча, и берриге а лаамаш Путинехь бу-кх?

– Со Путинехьа ю иза Iедале веачхьана, хIетахь цо федералан низамашца а, Оьрсийчоьнан Конституцица а цхьана дIанисйира субъектйин нормаш. Шен ма-хуьллу Оьрсийчоь Iалашъян гIерта иза. Иза бахьана долуш, вайн пачхьалкх екъаза йисина.

– Екъарх дерг аьлча, Путина нохчийн шолгIачу тIамехь лелийнарг муха хета хьуна?

– Путин бахьана долуш бирзира и тIом. Цуьнан лаам и ца хиллехь, хаац, мел дIабахлур бара т1ом, йа боьрзур барий а ца хаьа.

– ТIаккха хьан дог ца делира, Соьлжа-ГIалана тIе бомбанаш еттачу хенахь "хьаштагIчохь а хIаллакбе уьш" цо аьлча а?

– МостагIий а, террорхой а хIаллакбан беза аьлла хеташ ю со. Бен дац, миччахь хIаллакбахь а. Бен-башха дац суна, и мостагI муьлхачу къомах, динах хиларх. МостагI—мостагI ву Африкехь велахь а.

Путин Iедалан коьрте веачхьана цуьнгахьа ю Умалатова
Путин Iедалан коьрте веачхьана цуьнгахьа ю Умалатова

– Оьрсийчоьнан "цхьаалла" Iалашъяр доцург, кхи диканиг хIун дина Путина?

– ДIаяйна ала мегар долу оьрсийн армин къепе дIанисйина цо. Цундела вайн тахана ницкъболу эскар ду.ТIеман министралла а дика болх беш ю вайн. Ваьш Iалашдан таро ю вайн. Дерриг до Путина, Оьрсийчоьнан сийлахьалла латторхьама. Ишта кхечу пачхьалкхашца вайн доттагIаллийн уьйраш латтийта а. Вай ишта хилар дуьнено кхерам санна тIеоьцу. Вай цхьанна а кхерамаш туьйсуш ма дац.

– Арахьара политика – коьрта ю, делахь а дуьйцур вайшимма, масала, хьоладайшна а, мискачарна а юкъара херо гатъян таро хиллий Путинан?

- Со дуьхьал ю, Оьрсийчоьнан доллу хьал I0 процент бахархойн долахь хиларна. Дукхахболу бахархой халла хене бовлуш бу. Суна хаьа, регионашкахь алапаш 5-7 эзар сом бен доцийла.

– Схьахетарехь, Путинна ца хуучух тера ду-кх, нах къоьлла хьоьгуш буйла.

– Путинна дукха дика хаьа ситуацех. Цундела шен ма-хуьллу индустри а, юьртабахам а, экономика юхаметтахIотто гIулчаш ма ю цо йохурш. Дера хIета индустри цхьана-шина шерачохь денъйойла ма дац. Хан ма оьшу цунна, цхьана меттехь лаьтташ ма даций вай а. Оьрсийчоь – хьал долуш, сийлахь-йоккха пачхьалкх ма ю.

– Президент куьйгаллехь волу цхьа шо, ши шо ма дац, 20 шо ду. Иза пачхьалкхан урхалле хIоьттича со юьхьанцарчу классехь доьшуш яра.

– Олигархин система кхоьллинарг Путин ма вац, иза урхалле веача, цара (олигархаша) йоллу пачхьалкх вовшахъяьккхинера.

– Ткъа ша Путин – хьанал, шена пайда ца лоьху стаг ву?

– Путин – йоккхачу пачхьалкхан президент ву! Къен ву, йа миска ву бохург хIу ду? Президент - президент ву-кх!

– Стен новкъарло йира сийлахь-йоккхачу пачхьалкхан президентна Путинна олигархи эшон?

– Путинна новкъарло йира йоьхначу экономико а, хеддачу экономикан уьйраша а, йоллу Оьрсийчоь Iамеркана бухахь хиларо а. Доллу хьал, бахам а, дашо фонд а цхьана Горбачевс а, цуьнан КГБ-ра накъосташа а пачхьалкхера арадаккхаро а. Йоллу пенсин фонд а цхьана араяьккхира.

– Дукха хан йоццуш пенси воьду хан хьан тIетоьхна?

– Пенсин хан тIетохарна со дуьхьал ю. ХIаъ, Путина чIагIо йинера, ша куьйгаллехь мел ву тIетухур яц хан аьлла. Кхузахь муха нисделла хьуна аьлча, цуьнан хьехамчийн а, политологийн а, экономистийн а аьтто ца хилла, шайн профессионализм цахилар меттахIотто, тIаккха буьйлабелла уьш мискачу нехан кисанаш чубийла. Хала ду ала, хьан тIетоьхна пенси воьду хан. Иштта пайден хир ду аьлла, Путин тешийна цара. Дерриг а Малхбузера схьаэца гIерта вай, амма Оьрсийчоь – ша башха пачхьалкх ю.

Сталинах а, Советан Iедалх а

– I990-чу шерашкахь СССР йиссийта гIерташ, чуьраяьллера хьо. Юхахьаьжча, хIора хьайн багара даьллчу дашна хIинца а реза юй хьо?

– Дера ю, гуттар а! Хьуна гуш дац, ас мел баьхнарг кхочуш ма хилла. Нагахь санна, тахана Советан зама йисинехьара, дуьненчохь баланс хир яра. Оцу хенахь, Европан пачхьалкхаш а цхьана, шайн лаамехь яра. Советан Iедалехь карчам ма хилли, баланс йохий. Цхьана пачхьалкхан чIагIо йойла дац, кхана Iамерка шайна тIелетар яц аьлла.

– Советан хенахь кегий къаьмнийн дахар ирсе дарий?

– Хьуна хаьа-кх, дукха дика бехаш бара! Кегийн а, даккхий а, юккъера а къаьмнаш. Советан заманахь дискриминаци яцара.

– Меттанашца дискриминаци а яцара?

– Меттанашца а яцара!

– Со бурят ю, суна дагадогIу, сан ненадас дуьйцура, Советан хенахь, масала, дарбан цIийне ша вахча, бурятийн маттахь "тIаьххьара мила ву" ша хаьттича, бухарчу оьрсаша "хьайн юьртара мотт ма бийцалахь" олура бохуш.

- Со ца теша иштачух. Бакъ хила йиш йоцург ду и. Советан хенахь маьрша, бертахь бехара нах. Дискриминацех ца хьакхаелла йа со а, йа сан да-нана а, йа суна бевзачех цхьа а. Хууш яц со, и хабарш стенгара довлу. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь дехаш хилла-кх вай, делахь. Дуккха а дуьйцу доцург а, цахилларг а. Ма дарра аьлча, кхечу пачхьалкхашкахь хиллачуьнца дуьстича, вай долчахь йа шовинизм а, йа национализм а яцара.

– ХIинцалерачу Оьрсийчохь юй шовинизм а, национализм а?

– Вайн президент Путин бахьана долуш яц.

– 20I7-чу шеран аьхка Дагестанерчу цхьана вахархочо полицига арз динера, Химки гIалахь цхьана зудчо шех "чурка" а, "бусулба террорхо" а аьлла бохуш. Стенах лаьцна ю и истори?

- Цхьа хьераваьлларг воцуш хуьлийла дуй? Доьзалехь а ма нисло конфликташ. Нагахь стага оьг1азвахначохь шен багах цхьаъ далийтинехь, юкъахь лелаш дерг санна дийца ма ца деза. Цомгаш нах тергалбан а ца оьшу. Чехов Антона ма-аллара, цхьа вочу хенахIоттаман санна терго ян еза Iовдалчу нехан а, уьш даим а хирболуш бу. Со тешна ю, дика адамаш алсам ду.

– Хьо депортацехь йина ю, хIетте а ший а куьйг а айдина Советан Iедалехьа ю хьо. Сталин Иосиф муха хета хьуна?

– Александра, ас эр ду хьоьга. Сталинах сан диканиг ду-кх ала. Сийлахь -воккха куьйгалхо хилла ву иза, дуьнено цунах лаьцна дуккха а дуьйцур ду кхи а т1аьхьа. Йоккха пачхьалкх дIахIоттийра цо, иза бахьана долуш дуккха а шерашкахь машар а, кхерамзалла а лаьттира. Цо дIахIоттийнера баланс. Къаьмнаш махках дахарх аьлча, хIаъ, трагеди яра иза. ХIинца а цхьанна а хууш дац, мила вара депортацин инициатор, хьан хьехнера цунна и. И информаци къайленехь ю, сайн ма-хуьллу цунна тIекхача гIерта со.

– Собардехьа, оццул жоьпалла хьайна тIе а лоцуш дIахьедо ахь, вайнах махках бахаран инициатор Сталин вацара аьлла?

- Вацара дера! Сталинна оьшуш хIума дацара и. Айхьа ойла ехьа: боьдуш къиза тIом бу, хьуна ма хаъара, нохчий ницкъболуш, майра тIемалой ма бу, юцу юккъехула къам махках доккху, тIемалой юхакхойкху. Хьанна эша тарлора и хIума, ца оьшура Сталинна-м.

– Х1а дика ду, Сталин гунахь вац къаьмнашна депортаци ярна, теша хала делахь а цунах, тIаккха хIун эр дара ахь Советан заманахь дин леладарх?

–Маьршша дин лело йиш яра Советан Iедалан заманахь. Масала, паргIат Iамал ян йиш яра тхан доьзалехь. Цу тIехь цхьанна бехкамаш бара аьлла, коьрте ца догIу суна.

– Нохч-ГIалгIайчохь маьждигаш дарий?

– Лиънехь хьаладан йиш яр-кх уьш а. Амма цунах лаьцна дуьйцуш а дацара. Хьуна хетарехь, маьждиг дIахIоттор динан маршо ялар ду?

– Нагахь санна, оцу стагна маьждиг чохь ламаз дан лаахь, цуьнан бакъо хила еза-кх.

– Нохч-ГIалгIайчохь дацара маьждигаш, килс яра. Амма цхьанна а новкъарло яцар-кх. Ламаз дан а, Делах теша а маьждигаш оьшу? Сан дас, нанас, сан гергарчу наха ламаз дора. Сан дас олура, моттаргIанаш оьшуш яц. Iаламат Делах тешаш стаг вара иза, цо соьга олура: "ЮргIан бухахь теша веза Делах". ДагадогIу суна, со жима йолуш, дIаюьжучу хенахь кхоьрура со, юргIана бухарчу Делах. (Йоьлу.) Ишта динехь бара сан нах.

Кхана Iамерка шайна тIелетар яц аьлла, ян чIагIо яц аьлла хета Умалатована цхьана а мехкан
Кхана Iамерка шайна тIелетар яц аьлла, ян чIагIо яц аьлла хета Умалатована цхьана а мехкан

– Газеташкахь яздора, дин бехдечеран "меттанаш дIахедо деза" ахь алар. Хьо коммунист ю, баккъал а цу кепарчу радикалан кепашна реза ю хьо?

– ХIаъ, Госдумехь элира ас ишта. ХIетахь мостагIийн ницкъаш тIелеттера керста динна. Пачхьалкх кхи муха йохор ю? Масала, Горбачевс уггар а хьалха арми хIаллакйира. Пачхьалкх хIаллакйойла ду эскарехула а, керста динехула а. Керста дин – вайн сийлахьчу Оьрсийчоьнан бух ма бу! ХIетахь, 20I3-чу шарахь дийцаре даьккхинера динан векалш сийсазбарх хаттар, тIаккха дIахьедира ас: "Меттанаш дIахедо деза, тахана керста дин емалдечийн" аьлла.

– Килсаш дукха ю бохуш, дуьйцу. Екатеринбургерчу ситуацин мах муха хадор бара ахь?

– Президентан позицица ю со. Баркалла цунна, и конфликт ерзорна, килсо нах вовшахбаха ца беза, мелхо а цхьанатоха беза аьлла, билгалдоккхуш. Бахархошлахь хаттам бан беза аьллачу Путинехьа ю со. Цхьаммо доцчу бахьанаца конфликт эккхийтича санна хета суна. Со тешна ю, и ситуаци пачхьалкхан куьйгалле яккха езаш а яцара, патриархо Кирилла ерзо езаш яра.

Нохчийчоьнах а, даймахках а Чечне

– Нохчийчу кест-кеста йоьдий хьо?

– Йоьду, цигахь ехаш сан нана хиларна. Йоьхна хилла Нохчийчоь ерриг а аьлча санна денйина, йоккхайоь со. Тахана кхиаме, керла, кху заманан таронашца республика хилла цунах.

Умалатова Сажи
Умалатова Сажи

- Нохчийчу юха хIунда ца еара хьо депутат дIаяьллачул тIаьхьа (Ичкерин хенахь)?

– Нохчийчу юхаяр бохург хIун ду? Нохчийчоь кхи пачхьалкх-м яц? Сан бакъо ю, сайна луучохь Iен. Бехказайийла, йа цхьаъ тIекхио декхаре-м яц со?

– Кхиамечу республике юхаяха хIинца-м ца лаьа хьуна? Хууш ма-хиллара, стаг воккха мел хуьлу, шен орамаша д1аийзаво-кх.

- Бакъдерг дийцича, сан даймохк – Казахстан бу, со цигахь дуьненчу яьлла ю. Сан даймохк бу – сийлахь-йоккха Оьрсийчоь, сайн са а, пха ма кхоччу суна езаш йолу. Оьрсийчуьра араяьлча, со даймахках яьллийла хаьа суна.

- Дика ду, дуьтур вай сентиментале къамелаш. Тахана Нохчийчохь министран дарже хаа реза хир ярий хьо, нагахь санна, хьо дIакхайкхича?

– Са ма гатде ахь, Александра, со кхойкхур яц хьуна цига. Оьрсийн элитан антураж юкъахь товш яц со.

– КадыровгIар муха хета хьуна?

– Реза ю со дена а, к1антана а. Кадыровс юхаметтахIоттийна республика, кхерамзалла дIахIоттийна. Нохчийчохь хала хенаш лайначунна гур ду, цо мел дийриг. Муьлш бу ца хуу нах хьан хIусам чу а лелхаш, къоланаш деш хенаш яра. Ас юьйцург тIеман зама а, цул тIаьхьа хилла шераш а ду. Цо машар а, паргIато а дIахIоттийна.

– Нохчийчохь къизаллаш лелайо, кхел йоцуш байа а бойу нах бохург аьшпаш бу?

– Эхь ца хетачу нехан аьшпаш бу уьш, Малхбузено Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а хьал талхо дуьйцуш долу харцдерг. Нохчийчохь маьрша хилар Малхбузена, легашкахь гIорза хилла лаьтта. Къаьмнаш вовшахлатийтина, Оьрсийчоь йохо гIерта Iамерка а, цуьнан сателлиташ а. Советан зама йоьхначу хенахь герга бара уьш шайн Iалашонна: шозза тIом балийтира цара, шаьш финансашца гIо а деш. Амма Путинан ка елира уьш совцо. Оцу тIемашкахь зенаш нохчашна а, оьрсашна а хилира. ТIаккха Малхбузе нохчийн къомана тIехIоьттира, шайн дагахь Оьрсийчоь йохо.

–Тахана Нохчийчоь – маьрша, ирсе республика ю аьлла, чIагIдой ахь?

– Дукха чIогIа маьрша республика ю! ПаргIат, кхерам а боцуш, цIеначу махкахь беха цигахь нах.

– Ткъа бахархойн кисанашкахь хIун хьал ду-те? Субъектехь алапаш лакхара дуй?

– Шайн тароне хьовьссина дика бехаш бу уьш. Сан хьоьга дуьхьал хаттар ду: мел дика беха, 45 % хи а ца тоьаш, арахь буьйшуш лела Iамеркан бахархой? Iамеркехь, схьаоьцур вай Нью-Йорк, йа Сан-Франциско, хIора маьIIехь тховкIело йоцуш бисина нах бу цигахь арахь. Ткъа Нохчийчохь уьш бац. Массо а цхьатерра дика Iаш бу цигахь. Дера, массеран а ма дац тIедогIуш даккхий ахчанаш, ситуацеш а ма хуьлу кеп-кепара.

– Кадыров Рамзанна тIедогIу рицкъ мел ду аьлла хета хьуна?

– Соьга цу кепара хеттарш ма дехьа, хIунда аьлча, со ял оьцучу урхаллан инспектор ма яц.

– ТIаккха кхин хоттур ду ас хьоьга, хьо Соьлжа-ГIалин яхархо хиларе терра, Ахмат аьлла, Нохчийчоьнан шахьаран цIе хийца еза аьлла хетий хьуна?

– Республикехь бехачеран гIуллакх ду иза а.

– Хьайн таро хилча, хIун хуьйцур дара ахь кхузаманан Нохчийчохь?

– Нохчийчоь стенна юьцу ахь? Оьрсийчоьнан субъект ма ю Нохчийчоь. Оьрсийчохь гIуллакхаш дика хилахь – Нохчийчохь а дика хир ду. Оьрсийчохь ледара хуьлий – иштта Нохчийчохь а.

– Ша схьаэцна, цхьана регионерчу экономикан хьелан мах хадабойла яц ала гIерта хьо?

– Эша а ца оьшу! ГIезалойчоьнах, Нохчийчоьнах, Башкортостанех къаьстина дийца вай дуьйла ма делли, пачхьалкх йоха йолало. ГIенах а Оьрсийчоь хIаллакхиларе сатуьйсучу мостагIашна, цунах пайда бер бу тIаккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG