ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн Германерчу векало варе бина нохчий, уьш цIахьовсор хиларх


Дугазаев Тимур ву Кадыров Рамзанна уллехь.
Дугазаев Тимур ву Кадыров Рамзанна уллехь.

Даймахкахь шаьш хьийзош хиларан тоьшалла дало гIорасиз хилла нохчий цIахьовсор бу Германера. Цунах лаьцна дIахьедар дина Нохчичоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Германехь официалан векал волчу Дугазаев Тимура, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цу стага дийцарехь, Европерчу пачхьалкхехь шайна тховкIело йоьхуш "цхьаболчу наха доцург дуьйцу, Нохчийчоьнан куьйгалло я низамаш лардо органаша нах хьийзош хиларх лаьцна".

"Миграцин сервис кхузахь вуно дика болх беш ю. Тоьаш дац, схьа а веана, со хьийзош ву аларх. Иза тIечIагIдан деза, ткъа иза цкъа а бакъ ца хуьлуш хилар тидаме эцча, дуккха нехан ладоьгIийла ю шайна экстрадици яре. Цу юкъахь вац цомгаш волу дарба дар оьшуш волу стаг", - дуьйцу Дугазаевс.

Цо билгалдаккхарехь, мигранташ Нохчийчуьра дIаэхар соцуш дац. Карарчу хенахь Германехь вехаш ву Нохчийчуьра схьаваьлла 37 эзар стаг, боху цо.

Дугазаевс дийцарехь, нохчий Малхбале дIаэхаран бахьана ду цигахь дахаран дикаллан тIегIа лакхара хилар. "МухIажаршна чохь баха хIусамаш а, хIора баттахь ахчанца пособи а ло, лоьрийн гIо а, дешар а мехаза ду," – бохуш дуьйцу Кадыровн Герменерчу векало.

"Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, Дугазаев махкахваьлла 2002-чу шарахь. 2014-чу шарахь дуьйна иза ву Кадыровн официалан Германехь волу векал.

Цу статусехь ша Германехь хиларо гойту, Кадыров шен къомах доглозуш а, иза Iалаш деш а хилар, нохчий мичахь беха аьлла ца Iаш, аьлла хета Дугазаевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG