ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхин а 20 школа схьайоьллур ю кхушара


Дешаран шо доьрзуш. Нохчийчоь.
Дешаран шо доьрзуш. Нохчийчоь.

Шен ден Кадыров Ахьмадан цIе лелочу Соьлж-ГIаларчу дешаран центре вахначу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам барца, 20 керла школа схьаелла еза махкахь карара шо дерзале.

Цо бахарехь, махкахь тIаьххьарчу шерашкахь йина, меттахIоттийна, чохь оьшу гIирс а оьцуш, 479 доьшийла.

Кадыровс хаийтира Нохчийчоьнан институташкахь а, университетехь а белхаш бечу хьехархошлахь 139 Iилманийн доктор а, 602 Iилманийн кандидат а вуйла.

Шен къамелехь Кадыровс довзийтира махкахошлахь "Оьрсийчоьнан Турпал" седа лелочу нехан терахь а – 19 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG