ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу кIезиг туристаш леларна саготта ю Песковн йоI


Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаран Песков Дмитрийн йоккхаха йолчу йоI Елизавета Соьлж-ГIаларчу "Нохчийчоьнан дог" маьждигехь.
Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаран Песков Дмитрийн йоккхаха йолчу йоI Елизавета Соьлж-ГIаларчу "Нохчийчоьнан дог" маьждигехь.

Туристашна Нохчийчу баха ца лаарна саготта ю Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаран Песков Дмитрийн йоI Пескова Елизавета. Цунна хетарехь, и хьал хIоьттина цу республиках лаьцна нехан ойланашкахь стереотипаш хиларна.

Нохчийчоь вуно ваха везаш регион ю Оьрсийчоьнан Федерацин", - яздина 21 шо долчу Песковас шен Инстаграмерчу агIонехь. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан бахархой бахана ца Iаш Нохчийн Республике хьажа баха безара тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара туристаш.

Шена чIогIа халахета карарчу хенахь Нохчийчохь туризм шоръярна новкъарло йон дуккха а стереотипаш хиларна, адамаш цу инзаре хазачу метте ца дохуьйтуш совцош йолу, аьлла Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаран йоккхаха йолчу йоIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG