ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу лаппагIийн бахархошна керла хIусамаш луш ю Кадыровс


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан "Старый поселок" олучу меттехь лаппагIашкахь бехачу доьзалшна керла петарш яла сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна яздо "Регнум" агенталло.

Дийцарехь, хIара Мархийн бутт чекхбалале берриг а керлачу хIусамашкахь баха хаор бу 50 доьзал. Цунах лаьцна Кадыровс хаам бина "ВКонтакте" йолчу шен агIонехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, и нах тишачу лаппагIашкахь бехаш бу Советан заманахь дуьйна. Цо дийцарехь, цу нехан дахаран хьелаш тодеш харж йийр ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG