Оьрсийчоьнан Талламан комитето талла долийна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире латкъам беш видеоролик дIаязйина Нохчийчуьра вахархо Джалалдинов Рамазан хьийзина бохург, хаам бо "Эхо Москвы" радионо, "Комитет против пыток" юкъараллана тIе а тевжаш. Билгалдаккхарехь, низамца догIучу кхаа денна метта талламхошна 3 шо эшна, таллам боло.
2016-чу шарахь Шаройн кIоштарчу Кенхи эвлан вахархочо Джалалдиновс видеокхайкхам бинера Оьрсийчоьнан президенте, меттигерчу Iедалхошна критика еш а, республикехь коррупци хиларна латкъам беш а.
Цул тIаьхьа тамаше суьртехь дегира цуьнан цIа, ткъа доьзалан дийзира республикера арабала. Ша и стаг ведира эвлара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Алаудинов Аптис кхерамаш тесначул тIаьхьа.
Джалалдиновн йоIарша кхин цхьа кхайкхам арахийцира Оьрсийчоьнан президенте а, ницкъаллин структурашка а.
Хилларг бахьана долуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цу хенахь дIахьедар дира, Кенхин вахархочо "ша шен доьзал дIа а бигина, хIусамах цIе тесна сурт а хIоттийна" аьлла. Цул тIаьхьа Джалалдиновс кхин цхьа видео арахийцира, ша дийцинарг бахьана долуш бехк цабиллар доьхуш.
Цунна дуьхьал Кадыровс элира, Джалалдинов Нохчийчуь цIаверза мегар ду, цIахь цунна оьшуш долу гIо дийр ду аьлла.
Оццу хенахь, 2016-чу шарахь, и стаг хьийзорна бакъонашларъярхоша Талламан комитете латкъам бинера, хилларг таллар доьхуш. Талламхоша болх болийна кхо шо даьллачул тIаьхьа, бакъонашларъярхой шайн дехар тидаме ца эцарна кхеле бевллачул тIаьхьа.