ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан вице-премьер хIотто мегаш ву Кадыров Рамзан


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан гергарчу хенахь дIавала мегаш ву шен даржера. Иза хIотто план ю Оьрсийчоьнан вице-премьер а, президентан Къилбаседа Кавказера векал а, яздо Telegram-канал "Незыгарь", хаам бо "Уралинформбюро" зорбанан гIирсо.

Нагахь Кадыров Рамзан президентан векалан даржехь тIечIагIвахь цу даржехь цо хуьйцур ву Матовников Александр. Дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо хIотта мегаш ву карарчу хенахь парламентан куьйгалхо волу Даудов Мохьмад.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG