ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марха досту денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь


Марха досту де. Архивера сурт.
Марха досту де. Архивера сурт.

ТIебогIучу Мангалан-беттан 4,5,6-гIа мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь, Мархийн бутт чекхбаларца доьзна. Цу хькъехь указ арахецна, Кадыров Рамзана садоIучу юкъана, республикан куьйгалхочун декхарш кхочуш дечу Хучиев Муслима.

И сацам бина Хучиевс, Нохчийчоьнан муфтиятан дехарца, динех лаьцначу Оьрсийчоьнан федералан низамна ("О свободе совести и о религиозных объединениях") тIе а тевжаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG