ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс цецваларца тIеэцна ша Нохчийчоьнан куьйгалхо хIотто мегаш ву бохург


Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а.
Даудов Мохьмад а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а.

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада комментари йина Кадыров Рамзан даржехь лакхаваккха, ткъа ша цуьнан метта республикан куьйгалхо хIотто мегаш ву аьлла пIераскана дийнахь цхьамогIа зорбанан гIирсаша баржийначу хаамна.

"Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо шен меттехь ву, вуно жоьпаллица Оьрсийчоьнан президенто а, халкъо а шена тIедехкина декхарш кхочуш деш а ву. Со, тешаме белхан накъост, Рамзан Ахматовичан ваша, берриг а ницкъ а, хаарш а, зеделларг а дIалуш кхочуш деш ву цо сох тешийнарг а, сайна тIедиллинарг а", - яздина Даудовс шен социалан машанан агIонехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG