ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Со сайн халкъан ялхо ву


Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "цахилларг" ду аьлла, шен долчуьнан метта Оьрсийчоьнан министрийн кабинетехь дарж лур ду бохург. Оццу хенахь, цо ган а гуш, харц ца деш дитина ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж дарж хийца мега бохург.

"Суна, олуш ма хиллара, рогIера зуда ялийна. Со а воцуш! Со лакхавоккхуш ву, карьеран ламина тIехула. Цхьаьнаметта Къилбаседа Кавказан федералан гонан векалан а, Оьрсийчоьнан вице-премьеран а даржашка хIоттош ву со", - яздина Кадыровс Telegram каналехь пIерасканан сарахь.

Кремл Кадыровн метта параментан спикер Даудов Мохьмад хIотто дагахь ю аьлла хаам баьржира Стигалкъекъа-беттан 24-хь Оьрсийчоьнан президентан администрацица йозуш лоручу "Незыгарь" Telegram канало. Цо дийцарехь, Кадыровн хир йолу керла белхан меттиг йийцаре еш ю карарчу хенахь, хьахийначарна юкъахь Оьрсийчоьнан вице-премьер а, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказан федералан гонехь вволчу векалан а даржаш а долуш.

Ша АллахIан лай а, халкъан ялхо а ву, кхин лакхара даржаш шена дац, яздина Кадыровс.

XS
SM
MD
LG