ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а лахделла Путинах бахархой тешар  - ВЦИОМ


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Президенте Путин Владимире тешам хилар кхин а лахделла Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь. ХIинца цуьнан терахь ду 31.7 процент. Иштта жамI ду Оьрсийчоьнан юкъараллана хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) бинчу талламан. Иза уггар лахара гайтам бу цу тайпа талламаш болийчхьана.

Путине болу тешам бовш бу пенсе воьду хан тIетоьхначул тIаьхьа дуьйна. 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь цу тайппачу талламо гайтарехь Путинна гIортор еш бара 47,4 процент респонденташ.

Президенте болу тешам лахлуш бу стохка аьхка дуьйна. Цуьнца цхьаьна Оьрсийчуьра бахархойн Путине болу тешам алсам бу муьлхха а кхечу махкарчу политике болчул а. Цу рейтингехь шолгIа меттиг дIалоцуш ву тIеман министр Шойгу Сергей -14,8 процент. КхоалгIачу меттехь ву арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей – 13 процент.

Цуьнца цхьана, хийца ца луш лаьтташ бу Оьрсийчохь Путин къобалваран гайтам - 65,8 процент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG