ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин хIордахой дIахецар тIедожийна Оьрсийчоьнна дуьненаюкъарчу трибунало


краинин хIордахой, 15Дечк2019
краинин хIордахой, 15Дечк2019

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан хIордан низамехула йолчу дуьненаюкъарчу трибунало тIедожийна Оьрсийчоьнна, 2018-чу шеран Лахьанан-баттахь ГIирман бердана гергахь лецна Украинин хIордахой маьршабахар. Цунах лаьцна хаам бо "Украинская правда" газетан корреспонденто цу кхелан кхеташонера.

Оьрсийчоь хьалхо реза ца хилира дакъалаца цу кхелехь. Москохна цу трибуналан юрисдикци яц аьлла хета Керчан хидоькъелехь хилла и инцидент къасто.

Трибуналан сацамна латкъам бан аьтто бу Оьрсийчоьнан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Апелляцин трибуналехь.

Стохка Лахьанан-беттан 25-чохь Оьрсийчоьнан дозанхоша лаьцна Украинин 24 хIордахо латтош ву Москох талламан изоляторехь.

Киевна хилларг агрессин акт хета. Ураинин позицина тIехIоьттина Iамерка а, НАТО а, Евробарт а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG