ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс комментари йина Францехь "RT" журналистана полисхочо чхьонкар еттарна


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Францин полисхоша RT (Russia today, Россия сегодня, Оьрсийчоь тахана) - телеканалан корреспондентана еттарна комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

Хьалхо цу телеканало дийицинера, Тулузехь "можа жилетийн" демонстрацехь шайн журналистана йиттина аьлла. "Фредерик ша зорбанан гIирсан белхахо ву аьлла, мохь тоха гIоьртина хиллера, амма масийттоза чхьокар кхийтира цунна", - билгалдаьккхина RT-но.

"Тулузехь полисхочо атака йина RT журналистана. Дера, хIинца хезар ма ду дешан маршонах лаьцна Европера президентийн а, премьер-министрийн а, госдепан векалийн а даккхийн дIахьедарш. Хир долуш дац иза. ЛадегIа аш!" – яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Хьалхо цу тайппаниг хиллера Парижехь РИА Новости агенталлан корреспондентца Иванова Викторияца. Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь хиллачу къепедацарех лаьцна дуьйцуш йолчу цунна маситтоза чхьонкар тоьхнера полицин белхахочо.

Дуккха бахархоша дакъалоцу "Можа жилетийн" дуьхьалонан акцеш юьйлаелла Францехь 2018-чу шарахь Лахьанан-баттахь дуьйна, бензинна а, мехкадаьттана а мехаш тIетохарна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG