ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамаш далар алсамдаьлла Эверестанна тIехь


Непал -- Эверест-лам, 22Стигал2019.
Непал -- Эверест-лам, 22Стигал2019.

Эверест ламанна тIехь 10 стаг велла кху бIаьстенан альпинистийн сезон йолаелчхьана. Непалан Iедалша кхушара цкъа а ца хиллачу кепара дукха лицензеш йоьхкина кху дуьнентIехь уггар лекха болчу цу ламанан бохье бовла гIертачу нахана.

И бахьана долуш, цига тӀеттӀататтадалла адамаш да-буьйсанаш яха дезаш хуьлу дахарна кхераме йолчу лакхенашкахь. Ламанна тIера охьабуьссуш рогIехь лаьтташ беллачарна юкъахь ву Индера 4, Ирландера 2, Непалера а, Австралера а, Iамеркера а альпинисташ. Шотдийнахь Эврестана бохье ваьллачул тIаьхьа маситта минот ялале велла 44 шо долу британхо.

Верриг а Гималайшкахь кху бIаьстенан сезонехь велла 20 стаг. И терахь алсам ду стохка 2018-чу шарахь хилачул а. Эверестан (Джомолунгман) бохье вала гIерташ хIора альпинисто дойу 11 эзар доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG