ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лезгинка" хелхаран школа схьайоьллуш ю Кишинёвхь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

"Лезгинка" хелхаран школа схьайоьллуш ю Молдован коьртачу гIалахь Кишинёвхь. Цуьнан куьйгалхо ву Дагестанера халханча Калоев Заур. Цо хIинцале а схьайиллина куьйгалла деш ю цу махкахь хелхаран ши студи – Комратехь а, Чадыр-Лунгехь а, хаам бо "Publika TV" телеканало.

Калоевн хелхаран тобанехь 50 сов бер ду 8 а, кхин лакхара а шераш долу. Концертан костюмаш царна тоьгу Гуьржийчохь.

Дукха хан йоццуш Кишиневехь хиллачу "Кавказ 2019" дуьненаюкъарчу фестивалехь Калоевн хелхаран тобано хьалхара меттига яьккхира. Карарчу хенахь Молдовера халханчаш кечлуш бу Соьлж-ГIалахь хин йолчу фестивалехь дакъалаца.

"Калоевн берашна юкъахь йоIарий а бу. Ши шо ду 13 шо долу Мария Чебан "лезгинка" халхар деш йолу. "Со юкъайолу кIант санна, ткъа халхар дерзош ас цIеххьана коьртара куй дIабоккху ", - со йоI юй хааро вуно онда Iаткъам бо хьажархошна, дуьйцу Марияс . Карарчу хенахь Молдовера хелхрхой кечлуш бу Соьлж-ГIалахь хин йолчу фестивалехь дакъалаца. Уьш цига кхайкхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана", - яздо "Publika TV" телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG