ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуровс Оьрсийчоьнан Iедалш бехке дина журналистийн телеграм-аккаунташ "кагъян" гIортарна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Telegram мессенджер коьллинчу Дуров Павела бехке дина Оьрсийчоьнан Iедалш, Екатеринбургехь скверан метта килс йилларна дуьхьал дIахьочу акцех лаьцна яздеш волчу 4 журналистан телеграм-аккаунташ "кагъян" гIортарна.

Дуровс бигалдаьккхарехь, иза дан аьтто ца баьлла. Цо кхайкхам бина Telegram лелочу нахе, шайн аккаунтийн кхерамазалла чагIйе аьлла. Цо ца дийцина журналистийн телеграм-аккаунташна цхьаъ чувала гIортарна Оьрсийчоьнан Iедалш ша хIунда бехке до.

Дуров Telegram кхолла вовлавелира 2012-чу шарахь "ВКонтакте" социалан маша кхуллуш болх бинчу говзанчашца цхьаьна. "ВКонтакте" а яра цо кхоьллина. Дуровс куьйгалла дечу хенахь оцу социалан машанна бехкаш дахкара, Оьрсийчоьнан президентан администрацина иза болх беш ю бохуш. Цул сов "ВКонтакте" бехке еш ю Федералан кхерамазаллан сервисца (ФСБ-ца) болх барна.

Telegram Оьрсийчохь официалан кепра дIакъевлина лоруш ю стохка Оханан-баттахь дуьйна, иза ФСБ-н белхахошна цу мессенджеран шифран догIанаш дIадала реза ца хиларна. Амма Telegram тахана а гIоза-деъкал болх беш ю Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG