Аджарин премьер-министро Рижвадзе Торникес даржера йохийна регионерчу дешаран, културан, спортан министр Шамилишвили Инга. Дийцарехь, бахьана ду - Гуьржийчоьнан йозуш цахилар даздечу дийнахь Оьрсийчуьра еанчу берийн ансамбло Батумин урамех чекхбийлар "Оьрсийчоь, Оьрсийчоь" бохуш, маьхьарий а детташ. ТАСС агенталло бина и хаам.
"Таханалерачу денца суна вай массо а декъалдан лаьа, уггар а хьалха. Кху дийне кхача гIерташ вайн дайша къийсам латтийна, делахь а, вайн йозуш цахиларе къийсам тахана а дIахьош бу вай. Урамехь хиллачух аьлча, ах жоьпалла Аджарин дешаран министраллана тIехь ду, цундела иза даржах мукъаяьккхина", - аьлла, дIахьедина Рижвадзес.
Масийтта шо а ду Батумехь, Аджарин дешаран министраллан инициативаца, дуьненаюкъара фолклоран фестивал дIахьош йолу. Кху шарахь дуьххьара дакъалоцуш хиллера оцу фестивалехь Оьрсийчоьнан Ростов гIаларчу берийн ансамбло. Дешаран министралло кхайкхина баьхкина а хилла уьш.
Гуьржийчоьнан йозуш цахиларан де – къоман дезде ду. ХIора шарахь Стигалкъекъа-беттан 26-чохь билгалдоккху и. 1918-чу шарахь Оьрсийчоьнан империн декъара араяьллачул тIаьхьа дIакхайкхира иза Гуьржийн Демократин Республика аьлла.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?