ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцна латтийна гIалгIайн жигархо маьршаваьккхина


ГIалгIайчохь протесташ йоьлхучу хенахь полисхошца хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцна ву аьлла, СИЗО-хь латтош хилла жигархо Ажигов Адам араваьккхина, шен цIера дIасавадар а доьхкуш, яздо "Медиазонас", адвокатна Беков Мохьмадна тIе а тевжаш. Ажигов ницкъахошна тIелатарх тоъал тоьшаллаш ца хилла талламчийн, цундела таIзар малдинчух тера ду аьлла, тешна ву адвокат.

Хьалхо иштта бехкам а беш, маьршаваьккхира СИЗО-ра Мужахоев ИбрехIим а.

Зазадоккху-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан оппозицино Iедалшкара пурба а доцуш Магасан майданахь хIоттийна хилла митинг шолгIачу дийне а йоккхуш, дIаяхъйинера. ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан дIахьедарца, цу дийнахь хиллачу тасадаларшкахь чевнаш йинера ницкъаллийн структурийн 10 белхахочунна. Охан-беттан 2-чохь дуьйнна дIелахьо болийра митинган жигархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG