ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин "КIордийначу" жигархочунна юха а тIелатар дина


"КIордийна", "Путин, дIагIохьа" тIеяздина плакаташ карахь Волгоградехь цхьаалин пикет хIоттийначу Тихенко Галинина юха а новкъарло ян гIоьртина. Цуьнан карара кехаташ схьадаха гIоьртина хилла, мила ю ца хуу зуда, хаамбо Свобода Радион корреспонденто.

Изза баннерш а, Донбассера тIом сацабар дехар а ца тайна зудий-майрий тIелеттера Тихенкона Стигалкъекъа-беттан 5-чу дийнахь. ТIаккха полицига хаамбинера жигархочо. Амма цигахь дуьхьалойина хиллера бехкзуламан гIуллакх делла. Жигархочунна хетарехь, Iедалхоша йохайо цуьнан цхьааллин пикеташ дIаяхьа бакъо, ткъа полицино шен дIахьедар тергамза дитарна, цунна тIелатарш юх-юха до.

Кху беттан 26-чохь Тихенко Галина йоцург а, Волгоградехь шина сахьтехь лаьттира кхи а кхо жигархо: Тельпук Владимир а, Васильченко Владимир а, Дорожнова Наталья а. Демократин харжамаш дIабахьар тIе а дожош, пачхьалкхехь Iедал хийца шайна лаар дIакхайкхийнера цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG