ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремл: украинхойн хIордахойн гIуллакх оьрсийн кхело луьстур ду


Аннекси йинчу ГIирман бердашкахь лецначу Украинан хIордахой маьршабахарх Кремлан позици хьалхалерра ю. Талламчаша а, кхело луьстур ду церан гIуллакх аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Катоххий хIордахой маьрша а бахий, церан дIалецна Украинан тIеман флотан кхо кема юхало аьллачу ООН-ан Дуьненаюкъарчу трибуналан сацамах "Ведомости" газете ишта комментари йитина Песковс.

Украинан президентна Зеленский Владимирна хетарехь, ООН-ан трибуналан хIордахой а, церан кеманаш а маьрша даха аьлла, тIедиллар Оьрсийчоьно кхочушдахь, Украинаца "конфликт" ерзорехь дуьххьара яьккхина гIулч хир ю и аьлла. Субботехь Фейсбукехь яздина президенто и аьлла.

Маршо Радионо яздира, Лахьан-беттан 25-чохь Украинан кхо тIеман хIорда кема а, 24 хIордахо а лацарх Оьрсийчоьнан ницкъаша Керчан гечонехь. Лазийра ялх украинан хIордхо. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) куьйгалло а бакъбира и хилам: доза дохорна Iаьржачу хIорда тIехь лаьцна Украинан кеманаш, аьллера цо.

ТIаьхьо оьрсийн кхело Украинан 24 хIордахо шина баттана чохь сацош сацамбира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG