ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наьсарарчу "Красный крест" организацин офис дIакъевлина полисхоша


ГIалгIайчохь куп тоьхначу дуьненаюкъарчу "Красный крест" организацин офисе баьхкина полисхой. Меттигерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана бахарехь, Наьсарара "Красный Крест" организацин гIишло гоне ерзийна бронетехникаца, неIаршкахь ха ду хIоттийна, офис чу вохуьйтуш стаг а вац.

"Фортанга.орг" хьостано яздарца, чохь йисина оранизацин ши белхахо Орцханова Залина а, Цокиева Лидия а.

Дуьххьара дац боху Муцольговс организацех хьовсу. Охан-беттан юьххьехь, протестийн боламийн жигархой дIалехьо болийначу хенахь а баьхкира полисхой, гIишлон неI а йо хош. Йоллу техника а, документаци а дIаяьхьнера хIетахь. Цул тIаьхьа а баьхкира ницкъахой организаци, ткъа республикерчу юстицин министралло рогIера боцу талламаш а бина, "агентийн" тептаре яьккхира "Красный крест.

"Iедалхошна дуьхьал юкъараллан агIо лаьцначу ГIалгIайчуьрчу оцу Iедалшца йоьзна йоцчу секторна бекхамбар ду иза. Регионехь уггар а кхиаме, пайде йолу гIоьналлин организаци ю хIаллакъеш. ХIунда? ХIунда аьлча, хIинццал схьа цуьнан куьйгаллехь Мальсагов Муса хиларна. Ша СИЗО-хь латточу юкъанна балхара дIаволуш куьйгъяздинера цо, амма хIетта а организацина тIаьхьара бовлуш бац", - аьлла Муцольговс.

ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайгахь информаци яц элира, "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто Наьсарахь "Красный крест" организацин офисехь долчух хаьттича.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG