ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лионехь эккхийтар динарг ву аьлла, шеконашца жимстаг лаьцна Францехь


Дахначу кIиранах Лионехь 13 стаг а вуьйш динчу эккхийтарна бехке ву аьлла хеташ стаг лаьцна полисхоша Францехь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа бина иза лацарх хаам. Парижерчу прокуратуран антитерроран урхалло тIаьхьо бинчу хаамца, оршотан Iуьйранна шеконашца дIалаьцна 24 шо долу жимстаг. Цуьнан ДНК-н лараш карийна полицина эккхийтар динчу меттигехь.

Стигалкъекъа- беттан 24-чохь Лионерчу Гюго Викторан урамехь дира эккхийтар. Кхаа дийнахь лехнера полисхоша зуламхо.

ТIаьххьарчу хаамашца, бепиг дечу гIишлонна чувоьддучохь битинчу тIоьрмигчуьра куьйгайина бомаба иккхинера. Терроран Iалашонца нах бойуш дина теракт лерира эккхийтар. Цхьана а террорхойн тобано шена тIелаьцна дац цкъачунна эккхийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG