ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхошлахь хиларна 12 шо хан тоьхна гIалгIана


Къилбаседа Кавказан гонашкарчу тIеман кхело 12 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Агиев Исмаилна. Иза бехкевина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхойн гIуллакхашна юкъахь хиларна. ДаIишхойн декъан куьйгалхочун гIаттамхошца цхьанакхетарш вовшахтухуш лелла Агиев, ишта шен машенахь иза дIаса а лелош аьлла, тIечIагIдина кхело.

Кхелан пресс-гIуллакххоша хаамбарца, тобан жигаралла сецна хилла 2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чохь цуьнан хьалханча а, цхьа могIа декъашхой а хIаллакбинчул тIаьхьа.

2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь ша лаццалц организацин гIуллакхаш кхочушдеш лелла ву Агиев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG