ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веданан кIоштахь машен бердах яхана велла цхьа стаг, лазийна кхоъ


Нохчийчуьрчу Веданан кIоштарчу 15 метар лекхачу бердах яхана машен, цхьа стаг велла, кхаанна кеп-кепара чевнаш йина. ТАСС агенталле бина и хаам Оьрсийчоьнан орцан министралло.

"Веданан кIоштахь операци дIаяьхьна бердах вахана виъ стаг кIелхьарвоккхуш", - аьлла министраллехь, царех цхьаъ велла хилар а, бисинчарна чевнаш йина хилар а билгалдоккхуш.

Ламанан маршрутца экстремале некъашца хахакабала бахана хилла меттигера бахархой, орцанхойн дIахьедарца. РогIерчу дуьхьалонех бовлучу заманчохь машен бердах чу яхана церан. Лаьмнашкахь мобилан зIе ледара йоллушехь, цхьахволчун аьтто хилла орцанхошка гIо деха.

50 гергга стаг хилла лехамашкахь дакъалоцуш, шайлахь цIеяйархой а, орцанхой а, полисхой а, волонтераш а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG