Кенхи эвлара проблемаш ерзийна ца хиларна Джалалдинов Рамазана бехк баьккхина Iедалхошкара. Шайн дахаран хьелашна нохчийн Iедалхошка аьрзнаш динчул тIаьхьа а церан хьашташ кхочушданза дуьсу. Токхамаш болчу меттигашкара нах дIакхалхоран программа а яц болх беш, цIенош меттахIиттош дац, ткъа школаш йина, некъаш тодина бохуш Iедалхоша ден дIахьедарш бух боцуш ду аьлла Кенхерчу вахархочо Джалалдинов Рамазана.
Маршо Радионо дийцира шен агIонашкахь 2016-чу шеран бIаьста юьртарчу тишачу хьоланан Джалалдиновс латкъамбарх. ТIеман шерашкахь йохийначу хIусамех компенсаци а эцанза ду шаьш аьллера цо. Цул тIаьхьа туьтмIаьшгашца хиллачу наха цIе теснера цуьнан хIусамах, ткъа хIусамнана а, бераш а Дагестане дIабахара. Ницкъахоша шена кхерамаш тийсича республикера аравелира ша Джалалдинов а.
"Кавказский узел" агенталле цо дийцарца, Кенхерчу бахархоша дехарш до цуьнга, юьртда хила бохуш.
"Iедалхоша шаьш хIоттийна хилла Кенхин юьртда дIаваьккхина. Юрт цкъачунна куьйгалхо воцуш юьсу, бахархой сан кандидатурехьа бу, соьга дехарш деш бу уьш, юьртда хила бохуш. Амма суна кхераме ду цигахь хилар, йа болхбан а, ваха а вуьтур вац со", - аьлла дахначу оршотдийнахь агенталле Джалалдиновс.