ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин кхело жоьпалле озийна "ШариIатан полици"


"ШариIатан полици" тIе яздина можа жилеташ йоьхна, урамашкахь богIу-боьлхучаьрга имдилла бохуш, кхайкхамаш бинчу исламхойн тобан декъашхойн хьокъехь сацамбина Германин кхелахоша. DW хьостан хаамашца, 27 шарера 37 шаре ваьлла ворхI жимстаг бехкевина, можа жилеташ лелор доьхкуш бина сацам бохорна. Вупперталерчу кхелахоша гIуданаш диттина царна 300 еврашкара 1800 еврашка кхаччалц.

2014-чу шарехь кхеле хIиттийначу цара рейдаш дIакхоьхьуш хилла "ШариIатан полици" тIе яздина можа жилеташ а йоьхна, туьканашкахь а, гIалин майданашкахь а корта бахон маларш карахь долчаьрга а, кафешкахь а, ресторанашкахь маларшца хIума кхоллуш Iачаьрга а, дискотекашкахь, йа буьйсанна сакъоьручу клубашкахь а нахана тIе а оьхуш, уьш имдилларе а кхойкхуш, царна даIваташ а деш, жоьжахатин цIарца царна кхерамаш а туьйсуш. Шаьш моралан эвлаяаш лоруш болу кегийрхой ду а бохуш.

ХIетахь юкъараллехь йоккха гIовгIа елира церан леламаш бахьана долуш. Германин бахархоша латкъамаш бира бакъйолчу полице, ткъа хаамийн гIирсашкахь дийца долийра, Германи хIинца шарIан низамашца ехаш ю бохуш. ШариIатан полици ша шех олучу тобан куьйгалхо а, декъашхой а муьлш бу сиха гучуделира. 2016-чу шарахь бехказа бехира уьш кхелахоша, амма ши шо даьллачул тIаьхьа юха а жоьпалле хIиттина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG