ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Оьрсийчуьрчу ах доьзалашна юучунна а, тIеюхучунна а бен ца тоьа ахча


Оьрсийчуьрчу ах доьзалашна ахча юучунна а, тIеюхучунна а бен тоьаш дац. Дукха хьолахь ахчанца проблемаш Iиттало къоначу доьзалийн а, балхахь боцчу пенсхойн а. Оьрсийчуьрчу Росстата бинчу талламийн жамIаш далийна РБК агенталло.

Стохка шо юккъе даьллачу хенахь Оьрсийчуьрчу 48 процент доьзалийн ницкъ ца тоьара еххачу заманчохь пайдаоьйцу хIуманаш эца. Цул а шо хьалха Росстато дIакхайкхийра, цу кепара доьзалш кхи а цхьа процент сов бара аьлла. Оцу юкъанна, 2018-чу шарахь талламашлахь дакъалаьцначу 15 проценто дIахьедира, ахча юучунна бен ца тоьа шайна аьлла. Ткъа бедарш оьцуш а, коммуналан ял дIалуш а халонаш Iиттало шайх аьлла.

Хаттамехь жоьпаш деллачу Ямало-Ненецкан автономан гонашкарчу 100 респонденто бахарехь, цигахь алсам бу таро йоцурш.

Оьрсийн 17 процент бахархоша дIахьедарца, цхьана а хIуман тIехь ахча кхоа ца до цара. Дахначу шарахь 24 проценте дара церан терахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG