Видеокамераша дIаязвинчу хIора шолгIа некъан низамаш дохийначунна кхачон гIуда чIагIдар хьоьху Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн пачхьалкхан автоинспекцино (ГИБДД), хаамбо некъан полисхойн урхаллан куьйгалхочун гIовса Быков Александра. Цо бахарехь, хIинца лела гIуда машенлелорхошна "некъан транспортах лун мах санна" хета. Быковс дIахьедарехь, некъан низамаш дохорах камераша дIаязбечу нехан терахь хIора шарахь а 10 процентна кхуьуш ду.
"Оцо а гойтуш ду тахана санкцино шен профилактикан рол кхочушъеш цахилар", - аьллачу некъан полисхойн хьаькаман дешнаш далийна ТАСС агенталло. Цо бахарехь, нагахь санна гIудан барам лакхабаккхахь низамаш дохор лахлур ду.
"КхоалгIа, доьалгIа шегара ледарло ялахь, оцу машенлелорхочунна хуур ду, гIуда лакхара хир дуйла, тIаккха ойла йийр ю цо", - аьлла Быковс.
Карарчу хенахь машен хахка езачу барамал а маса лелош елахь гIуда кхачадо 500 сом. Карладоккху, оццу инициативаца хьалхо вистхилира автоинспекцин куьйгалхо Черников Михаил а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ