ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лечкъийначу нехан гергарчарна ахча далар тIедожийна Оьрсийчоьнна Европан кхело


2005-чу шеран Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь байначех шаьш бина ши сацам бовзийтина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. ТIепаза байначийн гергарчарна 1 168 000 евро компенсаци дIадалар тIедожийна Оьрсийчоьнна кхелахоша. Цу кепара шайн сацам кхелан сайтехь Iорабаьккхина цара.

"Кахиевы против России", "Шаванова а и другие против России", "Хамхоева против России", "Иналкаева против России", "Умарова и другие против России", "Сигатиева против России" аьлла диллинчу гIуллакхийн хьокъехь бина сацам бу иза, яздо, "Правовая инициатива" организацино. Цуьнан адвокаташ бара и гIуллакх хьалхадаьккхина лелларш.

Масала, Кахиев, цуьнан нанас дийцарехь, дIалаьцнера 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 14-чохь Эвтарахь лерина операци дIахьочу юкъанна. 2010-чу шарахь цуьнан дакъа карийра юьртана гена доццуш цхьана коша боьхкинчу нахана юкъахь.

"2000-2005-чу шерашкахь бертаза нах дIабигарца Конвенцин артиклаш хьешна аьлла бу кхелан сацам. Нохчийчоьнан территори тIехь оцу шерашкахь лаьттара контртерроран раж. 2009-чу шарахь юхаяьккхира иза. Шайн гергарнаш схьалахар доьхуш, уьш нуьцкъаша бигина хиларх талламаш бар доьхуш Iедалхошка дукха орцанаш даьхнера меттигерчу бахархоша. Амма хIетте а бина талламаш бац, нах лечкъорна бехкеберш хIинца а жоьпе озонза бу", - аьлла "Правовая инициатива" проектан адвокато Гнездилова Ольгас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG