ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн иллеш даржорна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна


Нохчийчуьрчу Шелковск кIоштан кхело гIуда тоьхна меттигерчу вахархочунна, социалан машанехь бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна. Дахначу оршотдийнахь 1500 сом гIуда тоьхна цунна экстремизме лерина, федералан тептаре даьхна иллеш "Одноклассники" машанехь зорбане дахарна. Прокуратуран белхахоша Интернетехь мониторинг дIахьочу заманчохь гучудаьлла дихкина иллеш даржош хилар.

"Кавказский узел" агенталлан зерашца, дахначу шарахь оццу артиклца бехкевинарг мел лахара а итт стаг ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG