ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь тохарш дарна Iамерко бехкбиллина Асадна а, Оьрсийчоьнна а


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто бехкбиллина Димаьшкъна а, Москвана а Шемара конфликт марсаяккхарна. "Маьршачу бахархошна а, юкъараллан инфраструктурана а - школашна а, базаршна а, дарбан хIусамашна а тIе бомбанаш еттар могуьйтийла дац", - аьлла, дIахьедина пачхьалкхан департаментан пресс-секретаро Ортагус Моргана.

Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана ситуаци марсаяьлла Идлиб провинцехь. Доккхачу декъанна, Вашингтоно емалдо Асадан эскарша химин герз лелорна. ТIемаш а, тохарш а бахьана долуш 200 эзар гергга вахархо шайн хIусамаш дIатаса декхаре хилла, ткъа дуьненаюкъарчу гуманитаран организацеша болх сацийна.

Оьрсийн эскарша гIо а латтош, Асадан ницкъо тIелетарш до оппозицина. Болчу хаамашца, маьршачу бахархошлахь масех ву вийнарг. Оцу юкъанна Москвано дIахьедо, Идлибехь тIеман шуьйра операци дIахьур яц бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG