ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин вице-канцлерца цхьанакхетта йоI евзина хаамийн гIирсашна


Штрахе ХIанс-Кристиан
Штрахе ХIанс-Кристиан

2017-чу шарахь Ибицехь Австрин вице-канлер хиллачу Штрахе ХIанс-Кристианца "оьрсийн олигархан гергара ю" ша аьлла цхьанакхеттачу зудчун цIе хаа аьтто баьлла хаамийн гIирсийн. Австрин Die Kronen-Zeitung газетано яздарехь, Боснин студент хилла иза. И видео йоккхуш къахьегарна 7 эзар гергга евро луш хилла цунна цхьана дийнахь.

Журналистийн информацица, Штрахен дахарх цхьацца информаци хиъначул тIаьхьа билгалъяьккхина хилла и йоI олигархан гергарчун рол ловзо. Хиллачу цхьанакхетарехь йоIа дийцаредо Австрин парламенте хинболчу харжамашна ахча дала тарло Оьрсийчоьно бохуш.

Ши кIира хьалха зорбане яьккхина ю видео. Цул тIаьхьа дарж охьадиллина Штрахес, йоьхна Австрехь урхалла деш хилла коалици а, ткъа къоман кхеташоно тешам барах вотум дIакхайкхийра канцлере Курц Себастьяне.

Ша низам дохийна дац боху Штрахес. Прокуратурано талламаш болийна цуьнан "оьрсийн олигархан гергарчуьнца" хиллачу цхьанакхетарх. Оцу юкъанна оппозицино дийца даьккхина керла парламентан харжамаш дIабахьарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG