ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Human Rights Watch организацин бухбиллархо велла Iамеркехь


Iамеркехь кхелхина 97 шо долу бакъонашларъярхо, Human Rights Watch организаци кхоьллина хилла Бернштейн Роберт. The New York Times хьостано бина и хаам, цуьнан кIанта Питера динчу дIахьедарца. 1944-чу шарахь Гарвард чекхъяьккхина, дуьненан ШолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Simon&Schuster гIирсца болх Iамон волавеллера Бернштейн. Дуьненчохь а уггар йоккхачу книгашна зорба тухучу «Рандом Хауз» компанин куьйгалле хIоттийра иза 1966-чу шарахь. 1973-чу шарахь бакъонашларъяран болх бан волавелира Бернштейн.

Советан заманахь Iамеркан делегацица Москва веача цхьанакхетар хилира цуьнан академикца Сахаров Андрейца а, цуьнан хIусамненаца Боннер Еленица а. Советан пачхьалкхехь адамийн бакъонаш Iалашъярна тIехь терго латтош хилла Helsinki Watch организаци вовшахтуьйхира цо хIетахь. ТIаьхьо Human Rights Watch йира цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG