ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газах дIовш даьлла йоI яларна бехкево Нохчийчуьра да


Меттигерчу 40 шо долчу вахархочунна дуьхьал гIуллакх долийна Нохчийчохь, ларамза чохь газ дIаихна цуьнан йоI яларна, хаамбо REGNUM агенталло, регионерчу Талламан комитетан информацех пайда а эцна. Кху шеран Дечкен-баттахь луьчучу чохь угаран газах садукъделла еллера 15 шо долу йоI.

Талламчаша къасторехь, газ латто система йоьхна хилла цу хIусамехь. Хи дохден гIирс ша дIахIоттийна хилла хIусамдас, цундела инструкци тIехь долчуьнца догIуш ца хилла монтаж яр.Оцу бахьанашца бехкеозийна да.

Дагестанехь доьдучу шарахь масех бохам хиллера газах дIовш даьлла, нах леш. Масала, Кумторкалинан кIоштарчу Коркмаскалахь а, Гергебильскан кIоштарчу Кикунехь а кхаа доьзалехь бохамаш хилира газ дIа а ихна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG