ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанера кхечу пачхьалкхийн эскарш арадахаре кхайкхина Талибанан лидерша а, Оьрсийчоьно


Оьрсийчоь -- Талибанан векалш баьхкина Москох Оьрсийчоьно а, ОвхIанистано а дипломатин юкъаметтигаш дIатесна 100 шо кхачарна хьажийначу конференце. 28Стиг2019.
Оьрсийчоь -- Талибанан векалш баьхкина Москох Оьрсийчоьно а, ОвхIанистано а дипломатин юкъаметтигаш дIатесна 100 шо кхачарна хьажийначу конференце. 28Стиг2019.

Москох баьхина овхIанхой машаран дийцарш дIадахьа дагахь бу вовшашца

Талибан боламан лидерша а, Оьрсийчоьнан Iедалша а кхайкхам бина ОвхIанистанера арабаха аьлла, Iамерко куьйгалла дечу коалицин ницкъаш, хаам бо "Iамеркан аз" портало. Талибанан карарчу хенахь волчу куьйгалхочо Барадар Iабдул ГIани моллас дIахьедар дина кхечу пачхьалкхийн эскарш шайн пачхьалкхехь хилар коьрта новкъарло ю шайн махкахь машар хIотторна аьлла.

Талибанан лидеро Барадара къамел дира Москох Оьрсийчоьно а, ОвхIанистано а дипломатин юкъаметтигаш дIатесна 100 шо кхачарна хьажийначу конференцехь. Цу форумехь дакъалоцуш бара ОвхIанистанан а, Оьрсийчоьнан Iедалхой а, Талибанан векалш а.

"Исламан эмират баккъалла а лаам болуш ю машар хIотто, амма барт беш новкъарлонаш дIаяхарехь хьалхара гIулч ю ОвхIанистанна оккупаци яр дIадерзор", - дIахьедар дира конференцехь вситхуьлуш Барадара.

Шен къамелехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Игора а кхайкхам бира, ОвхIанистанера кхечу пачхьалкхашкара эскархой арабаха беза аьлла. Цо билгалдаьккхира Москохан а, Кабулан а юкъаметтигаш лараме гIуллакх хилар. Лавровс дIахьедар дира Оьрсийчоь кийча хиларх лаьцна, "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан декъашхшца а, наркотикашна контрабанда лелочу криминалан тобанашца а къийсам дIабахьа.

"Оьрсийчоь тешна ю, ОвхIанистанера конфликт тIамца дIаерзалур яц бохучух. Цхьаъ бен некъ бац, политикан а, дипломатин а гIирсашца машар хIоттор а бен. Тхан лаам бу дерриг а кхечу пачхьалкхашкара эскарш махкара арадахар. Кхайкхам бо ерриг а ОфхIанистанера агIонашка массо а юкъараллан а, политикан а ницкъаша дакъалоцуш дийцарш дIадолоре", - элира Лавровс конференцин декъашхошна хьалха ша вситхуьлуш.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира карарчу хенахь ОвхIанистанан президент волчу ГIани Ашрафца хин болчу президентан харжамашкахь мехкан куьйгалхочун дарж кIовсур долчу президент хиллачу Карзай Хьамида а, ткъа иштта ОвхIанистанехь машар баран Лаккхарчу кхеташонан куьйгалхочо Халили Карима а.

14 стагах лаьттачу Талибанан боламан тобан куьйгалхочун Барадар моллина вуно боккха тидам тIебеханера Москохарчу цхьаьнакхетарехь. Молла вевзаш ву Талибан болам кхоьллина а, 17 шо хьалха коалицин эскарш цу пачхьалкха чудахча царна дуьхьало яр вовшахтоьхна а стаг санна.

2010-чу шарахь Iамеркан а, Пакистанан а къайлахчу сервисийн белхахоша а лецира Барадар Карачехь. ТIемалойн командир Пакистанерчу набахтехь латтийра 2018-шо чекхдаллалц. Цул тIаьхьа Вашингтоно дехар дира Исламабаде, Барадар дIахецахьара аьлла, цо гIо дан мегара Iамеркан дипломаташа вовшахтоьхначу Талибанца машар баран дийцаршкахь аьлла. Москох баьхина овхIанхой машаран дийцарш дIадахьа дагахь бу вовшашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG