ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн латархо Эдилов UFC юкъарваьккхина


Тренер Эдилов Iабдул-Керим а, Кадыров Рамзанан кхо кIант а
Тренер Эдилов Iабдул-Керим а, Кадыров Рамзанан кхо кIант а

UFC-ца хиллачу контрактех мукъаваьлла нохчийн латархо Эдилов Iабдул-Керим, хаамбо Fight Time спортан хьостано. "25 шо долу латархо Эдилов Iабдул-Керим, 2017-чу шарахь шолгIачу раундехь хиллачу техникан нокаутехь Михайлович Боян эша а веш, UFC-н баннер бухахь цкъа бен летта вац", - хаамбо интернет-хьостано.

UFC-хь кхиамаш баха таро ца хилира нохчийн спортхочун иза лазорна а, 2016-чу шарахь допинг-тестех чекх ца валарна а.

Fight Time хьостано дийцарехь, билггал информаци яц, Эдилов юкъарваьккхина, йа шен лаамехь контаркт хадийна цо.

Ишта хууш дац, Iамерко Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонна дуьхьалъяьхна керла санкцеш бахьана долуш хедийний а юкъаметтигаш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхаа кIентан тренер вара Эдилов Iабдул-Керим.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG